День чеченского языка

21.04.2020

Хаий хьуна, ненан лезчи корта,

Йоьжча хаий нана г1айгане,

Хьой те буьйса, хиъна Нана гора

Доьхуш Деле хилийтар г1оле?

Ловзуш лелаш ахь йойъучу хенахь,

Хаий Нана г1елъелла хир юй,

Йог1уш гича изи цхьа мохь бохьуш,

Цунна г1о дар декхар хьайниг дуй?

Йинчу Ненах хьо ца кхеташ велахь,

Кегдахь дешнаш, дохадахь ахь дог,

Дуьненахь хьай йоккхуш йолчу хенахь

Декъал хилла боккхурий те ког?

Къахьегначу куьйгашца кечбина,

Хьалха буьллуш бовха кхача цо,

Цхьа ша тайпа мерза чам а бина, -

Хаьа, иза цкъа а биц ца ло.

Кху дуьненахь мел хан-зама яларх,

Замано мел дукха тийсарх го,

Хьоме Нана къинтера ца ялахь,

Сай тахне а, кхане а ца го!

Болтукаева Лиза "Хаий хьуна?"